Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Хиша шайн тІараш а деттийла, лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла, Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тІехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гІоттур дац. Лаьмнашка дІахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара. Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.
Выбор основного перевода