Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цо Эрзийн хІордана омра дича, иза бакъабелира. Хих, гІум санна, екъа хиллачу меттехула Цо уьш дІабигира. Латта гІайгІа а еш, гІел а луш Іуьллу. Ливанунан хьаннаш тІе эхь деана а, маргІалйоьлла а ю. Шарон-тогІи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тІера гІаш охьа а эгна. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле.
Выбор основного перевода