Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. ‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург. ЮшаІа элира халкъе: «Везачу Элана Іамал ялур яц шуьга, хІунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. Веза Эла, Хьо – бекхам беш волу Эла ву, лепаш дІахІоттахьа, бекхам беш волу Дела!
Выбор основного перевода