Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахь кагдина дІадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тІе йиттина Іаса а, цунна ницкъ бинчун гІаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра. Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тІера Ашуран беза мохь дІабоккхур бу. Хьан вортанна тІера дукъ дІадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхІу, цІоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тІедилла.
Выбор основного перевода