Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ткъа Іеса нах хир бу, дІакхуссуш долу кІохцалш санна, цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу. Харцо цІерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кІохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кІур стигала хьала а болуьйтуш. Иза гІудалкхийн гІовгІанца санна, ча догуш лелха цІеран суйнаш санна, тІамана дІахІоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела. Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кІохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таІзар ден долу де тІекхочуш лаьтта. ХІинца уьш боьхна хьийзар бу. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Выбор основного перевода