Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун. Цуьнан тІаьхье а хІаллакьхуьлийла, шолгІачу тІаьхьенахь хІу хедийла цуьнан. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьІна а хилла. Шайн суьрташ кІелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХІинца уьш шаьш а йийсаре дІабахана бу! Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хІаллакбина, охьа а бехкина, Іохкуш бу цигахь“. Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хІаллакбина. Церан кешнаш эхартехь уггар а кІорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хІаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Іадийнехь а. Ас хьан цІуш бохор а бу, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьуна юкъара хІаллакдийр а ду, кхин Іамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хІуманашна. Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бІогІамаш дІадохур ду, ткъа хьан гІаланаш йохор ю.
Выбор основного перевода