Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „ХІорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. ХІорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“». ТІаккха Ариална дуьхьал тІом беш долчу къаьмнийн массо бІош а, цунна а, цуьнан чІагІонашна а тІелеташ болу мостагІий а, цунна гІайгІа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гІенах а санна, къайлабевр бу. Меца волчунна ша хІума юуш гІан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гІан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тІом бечу массо а къаьмнийн бІошна». Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тІе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дІаала чІоггІа! ДІаала, ма кхера! ЯхІуд-мехкан гІаланашка дІаала: «Хьажал, шун Дела схьавогІуш ву!» ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!» Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу.
Выбор основного перевода