Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Матушалахь хиллачул тІаьхьа кхин кхаа бІе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХІанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хІунда аьлча Сан кІелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел.
Выбор основного перевода