Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. Зимарин кхидолчу хІуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Іумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. Иза массо а хІуманна тІехь НабатІан кІант ЯрбаІам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. Іумари-паччахьо динчу кхидолчу хІуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гІуллакхех а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Іумари, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. Цуьнан кІант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхІитталгІа шо дара, Іумарин кІант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттича. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Іумарин кІанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тІехь олалла дира. Іумарин кІант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хІуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дІа а тесна, Везачу Элан цІийнах дІа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. Аса йохийна дІайоккхур ю хІара гІала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чІогІа эхь хетара. Везачу Элан цІийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чІогІа юьхьІаьржачу хІиттина дара».
Выбор основного перевода