Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогІа сан багара долучу дешнашка. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. Якъубан тІаьхье а, Исраилан тІаьхьенан массо а тайпанаш а, ладогІа Везачу Элера болчу хааме! Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. Везачу Эло ЯхІудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тІаьхьенна таІзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догІург а дийр ду Цо, церан гІуллакхашка хьаьжжина.
Выбор основного перевода