Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
И хан яьллачул тІаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бІо Мисарара арабелира. Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна. Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. Жа санна, дІадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхІаронан а куьйгаца.
Выбор основного перевода