Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цІаьлгаш дІахІиттош бу, амма церан цІаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду. Олхазарш чохь долу цІелиг санна, церан хІусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина, «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хІусамашкахь йолу хазна». иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дІабовр бу, вайна ялта дІадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дІадер ду, вайга чІоьнаш дІаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху.
Выбор основного перевода