Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. Наха кІа дІадийна, амма лаьтта тІера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьІаьржачу хІиттабо, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана хилар бахьана долуш». Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“. Церан хьал хІонс санна схьадоккхур ду, церан цІенош а дассор ду. Цара цІенош дІахІиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагІар муьйлур дац».
Выбор основного перевода