Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«ЛадогІа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву! Везачу Эло боху: «Хьо Соьга гІо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тІаьхье, Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ. Аша дийнаташ дагоран сагІа даккха уьстагІий а ца кхехьна Суна, сагІанаш дахарца Сан ларам а ца бина. Ас шуна кІен сагІа даккхар тІе ца дожийна, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ца кхехьийтина. Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах. Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода