Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхІудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна. «Церан мотт, Іад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хІуманна тІаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло. ХІораммо а шен доттагІа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тІетабина. Къинош а летош, уьш Суна тІе ца берзало. ГІело а йина, цара кхин а гІело йо. Іеха а вина, цара кхин а Іехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дІакъехка», – боху Везачу Эло. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. «Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кІелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура. Иштта боху Везачу Эло: «ЯхІудхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча Везачу Элан товрат-хьехамаш дІатеттира цара, Цуьнан парзаш лар а ца дина. Церан дай тІаьхьахІиттина леллачу цІуша тилийна уьш. «Царна ца хаьа нийсонца лела, – боху Везачу Эло. – Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хІусамашкахь йолу хазна». Бала тІебогІу де геннахь а хеташ, Іазап толар гергадаладо аша. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Іохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Іуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела. Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху.
Выбор основного перевода