Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. ТІаккха ас элира: «Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Ас сагІа доккхур дара Хьуна, амма Хьуна ца деза иза. Хьайна лерина дийнаташ дагорна а Хьо реза вац. Доьхна са – иза Далла луш долу сагІа ду. Дохкодаьлла а, муьтІахь долу а дог Ахь дІатоттур дац, Дела. ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. Уьш сагІина шайн уьстагІий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дІавирзина. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. Даха а гІой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». ХІунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цІийно къинош дІадохур дац.
Выбор основного перевода