Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Балакха БеІаран кІантана БалиІамна тІе шен геланчаш бахийтира, иза шена тІе схьакхайкха аьлла. БалиІам Іамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гІалахь Іаш вара. Балакха иштта дІаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хІара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дІахІоттийна. Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неІалт кхайкхадехьа, хІунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТІаккха сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неІалт кхайкхийча, цунна тІехь неІалт лаьтта». Делера болу хІара хаам бира БалиІама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неІалт кхайкхадехьа Якъубан тІаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла. Амма Дала неІалт ца кхайкхийнчунна аса муха кхайкхор ду неІалт? Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна аса муха буллур бу сардам? Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. Хьалхарчу беттан уьтталгІачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тІера дІадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цІе Галгал, хІинца а олу цунах иза. Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгІачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш. Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу, Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна: Хьала а гІаьттина, Везачу Элан халкъ гІалин кевнашна тІедахара. Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кІантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгІар хиллий цуьнан, я тІом бина цо цаьрца? Шу кхузахь совца. Аса хІинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гІуллакхаш дага а доуьйтуш. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Выбор основного перевода