Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Стигалш а этІийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха. Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.
Выбор основного перевода