Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. Цу дийнахь ЮшаІ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавІонехь Везачу Эло цаьрга уьш хІаллакбайтина де дара иза. ЮшаІа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавІонана тІехула сацалахь, бутт – Айлон-тогІи тІехула!» Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагІашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тІехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дІабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгІна де я хьалха а, я цул тІаьхьа а хилла дацара, хІунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тІом беш вара.
Выбор основного перевода