Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Сисра Хьебаран зудчун ЯІалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цІа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Іаш дара. Сисрас цуьнга элира: «Со чІогІа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯІала, шура чохь йолу пІаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тІе хІума тесира. Сисрас ЯІале элира: «Четарна чувогІийла долчу дІа а хІоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“ – аьлла, хаттар дахь, „Вац“ – алий, жоп лолахь». ЧІогІа кІадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯІал, четар чІагІдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тІе яхара. Сисра лаьттах дІа а тухуш, лергъагІонна тІе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира. Цо элира чІоггІа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!
Выбор основного перевода