Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига.
Баракха Забулан а, Напталан а тІаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тІаьхьахІоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.