Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгІазвахана дела. Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалхā, Исраилан халкъан Далла хьалхā. Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш. Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.
Выбор основного перевода