Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенаша, ГалІад-махка а бахана, цигара эмархой дІа а лаьхкина, иза дІалецира. Иштта Мусас ГалІад-мохк Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенийн дола дІабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. Юсупан дуьххьарлерчу кІентан Маннашан тІаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кІант Макир ГалІадан да вара. Иза майра тІемало хилла, ГалІад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тІаьхьенашна кхаьчнера. Цо, Іамалекхахой а, Іамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гІала кара а ерзош. Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маІа лекхира АхІуда. Цу маІан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхІуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тІера охьабиссира. Цул тІаьхьа ПІарІатунарчу ХІалилин кІант Іабдани кхелхира. Иза Іамалекхахой Іаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тІехь йолчу ПІарІатунахь, дІавоьллира.
Выбор основного перевода