Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гІалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гІалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гІалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, къилбаседехьа лаьмнаш тІехь Іаш болчу паччахьашна а, Іариба-тогІи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агІор Іаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Іаш болчу паччахьашна а тІе. Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тІехь йолу гІаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалІам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гІаланаш а. Цул сов, хІокху гІаланашкахь а Іаш бара уьш: Дор, Іейндар, ТаІнак, МагІидда, царна гонах йолу гІаланаш а (царах кхозлагІниг Напат яра). Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира. Юши-ЯхІус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирІун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гІо дархьама. Юши-ЯхІу-паччахь пирІунна дуьхьал тІом бан аравелла хилла. Ткъа пирІуно, МагІидда-гІалахь шена Юши-ЯхІу гича, иза вийна. ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра.
Выбор основного перевода