Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шаьш тІорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГІаттахьа, Веза Эла! ХІаллакьхуьлда Хьан мостагІий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!» Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тІехь. Цул тІаьхьа Кхеназан кІант Іотниал кхелхира. Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала. Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кІант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш. Дуьхьалволийла Дела Шен мостагІашна, хІаллакьхуьлийла Цуьнан мостагІий. ДІауьдийла Далла хьалхара Иза цавезарш. Мохо дІасабаржош болу кІур санна, дІасабаржабойла Ахьа уьш . ЦІеро башош болу балоз санна, хІаллакьхуьлийла Делан лаамехь боцурш . Дехьа царна Айхьа маданхошна диннарг, Айхьа Къишун-хина уллохь Сисрина а, Ябинна а диннарг. Уьш Іейндарахь байинера, ткъа церан декъех лаьттан кхелли хиллера. Хьан мостагІий, Веза Эла, хІаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дІасалаьхкина хир ма бу. ТІаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила. Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла».
Выбор основного перевода