Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Забул хІордан йистехь вехар ву. Цуьнан берд хІордкеманашна кхераме хир бац, цуьнан латта ЦІадан-гІалина тІекхаччалц хир ду. Иштта Гадин тайпанах долчу хІора гаранна а латта делира Мусас. Церан долахь яра ЯІзир-гІала а, ГалІад-махкара массо а гІала а, Рабба-гІалина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІекхаччалц долу Іамминхойн ах латта а, Хьешбонна тІера Рамат-МицІпина а, Бетанаймна а тІекхаччалц а, Махьанаймна тІера Дибаран дозанна тІекхаччалц а долу латтанаш. Йордан-тогІи чохь йолу гІаланаш: Байт-ХІарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогІин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Іомана тІекхаччалц долу). Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тІера церан дакъош дара уьш. Рама-гІала йолчу юха а доьрзий, цигара дІа чІагІйина йолчу Цора-гІалина тІедоьдура доза, ткъа цигара дІа Хьоса-гІалина тІедоьрзура. ХІорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гІалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира.
Выбор основного перевода