Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дІалаьхкинчул тІаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хІара латта тхайн дола даккха“. ХІан-хІан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дІалохкур ду уьш. Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дІадала леринарг санна дІало. Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гІуллакхаш ца дахь а, ткъа Іеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла. И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дІа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.
Выбор основного перевода