Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. Везачу Эло Шен халкъ дІатоттур дац, Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац. Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тІаьхье дІатоттур яра цара мел лелийна хІума бахьана долуш», – боху Везачу Эло. Уьш Іебархой буй? Со а ву. Уьш исраилхой буй? Со а ву. Уьш ИбрахІиман хІух буй? Со а ву. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
Выбор основного перевода