Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо. Вовшашца бертахь Іелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тІекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла. И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хІунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жІарах дІатухур вацара. Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бІаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана». Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а. И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хІума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле.
Выбор основного перевода