Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тІехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хІинца, доккхачу дарцан гІовгІанца, Аса цунна цІе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац. И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгІна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тІе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхІудан а тІаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаІална сагІанаш а дохуш, цара Со оьгІазвахийтина». Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла. Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо. Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас, хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела. И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
Выбор основного перевода