Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Исраилан халкъана кІелхьардалар Цийон-лома тІера догІур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча, Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара. Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду. «Цийонна а, зулам лелорна тІера дІайирзинчу Якъубан тІаьхьенах болчарна а ПаргІатбохург вогІур ву, – боху Везачу Эло. – Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хІара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тІехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тІаьхьенийн а багара хІинца дуьйна абаденналц дІадевр дац», – боху Везачу Эло. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»
Выбор основного перевода