Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъе иштта дІаала: „Аса шаьш дІадуьгучу махка шу чудевлча, цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагІина дІало. Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагІина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгІат хир ду Везачу Элана. Иза гуттара а дан дезаш долу хІума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагІина дІало аша а, шун тІаьхьенаша а. Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. Дуьххьара схьа мел гулдинчу ялтех тоьлла дакъа а, массо а тайпана Суна лерина долу совгІаташ а кхочу динан дайшна. Шайн ялтех даьккхинчу дуьххьарлерчу бедах а тоьлла дакъа де динан дайшна, шайн хІусамаш декъалйина хилийтархьама.
Выбор основного перевода