Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь. Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.
Выбор основного перевода