Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду. ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
Выбор основного перевода