Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. Хьан дайшна тІе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тІаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. Вай Шен мостагІий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КІентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хІинца муххале а Цуьнан КІантехула кІелхьардевр ду, КІант дийна волу дела. Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
Выбор основного перевода