Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Даккхий ду Хьан гІуллакхаш, Веза Эла, кІорга ю Хьан ойланаш! Билггал Ша къайлавоккхуш волу а, Шен халкъ кІелхьардаьккхина волу а исраилхойн Дела ву Иза. «Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, – боху Везачу Эло. – И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тІаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тІеэца кечдинера. Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а,
Выбор основного перевода