Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду. Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
Выбор основного перевода