Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Таршашан дерриге а хІордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тІаккха цара куьйгаш тІехь шайн кІентий а, белшаш тІехь мехкарий а схьабахьар бу. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кІелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тІехь. ХІордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гІо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш. Хьайна девзаш доцу халкъаш тІекхойкхур ду ахь, хІинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тІекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина». Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара.
Выбор основного перевода