Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тІера гІаьгІнаш схьадахийта а, хьалха неІарш схьаеллаялийта а, кевнаш дІа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло: Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гІала юхаметтахІоттор ю, йийсаре дІадигна Сан халкъ паргІатдер ду, цунах мах я совгІаташ а ца луш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Геннахь дехаш долу адамаш кхуза схьаоьхур ду, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттош дакъалоцур ду цара. Шуна а хуур ду со шайна тІе массо а ницкъийн Везачу Эло ваийтинийла. Иза хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша леррина ладогІахь».
Выбор основного перевода