Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн корта хьала а айий, гонах дІасахьажа. Берриг а хьан кІентий, гул а белла, хьо йолчу цІа боьрзуш бу! Дийна волчу Сох чІагІо йо Ас, – боху Везачу Эло, – зудчун туьтеш санна, цаьрца массаьрца а хазлур ю хьо, нускалан хаза духар санна, уьш хир бу хьуна. Хьох бераш дІадаьхначу хенахь халкъана юкъахь динчу бераша хьуна а хезаш, эр ду цхьана дийнахь: „ХІара меттиг чІогІа жима ю, жимма дІакхалха, со а Іайтархьама“. ТІаккха хьайн дагахь ахьа эр ду: „Хьан дина суна хІара бераш? Сох бераш дІадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара. Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра. Хьан кхиийна хІара бераш? Со массара а цхьа йитина ма яра – хІара бераш мичахь дара?“» Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьовсал, Ас халкъашна цхьа билгало лур ю, Сайн байракх ойур ю Ас царна, тІаккха цара куьйгаш тІехь шайн кІентий а, белшаш тІехь мехкарий а схьабахьар бу. ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тІе, догІу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тІедаьлча догІу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тІехь хьоьстур а ду. Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
Выбор основного перевода