Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Іожаллин ІиндагІехь болчу махкахь Іийначу нахана серло къеггина дІахІоьттира! Бутт а цІийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хІунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь болчу Цийон-лома тІера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гІалина гонах цІеран пен а хилла дІахІуттур а ву, гІала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“». Оцу гІалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хІунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Іахар а цуьнан къуьда бу. Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода