Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гІали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. Дала церан хІора бІаьрхи а дІадоккхур ду. ХІинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хІунда аьлча хьалхалера хІуманаш дІадевлла».
Выбор основного перевода