Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. ХІунда аьлча Везачу Эло декъалбинчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, ткъа Цо неІалт кхайкхийнарш дІалелхор бу. ХІунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тІаьхьено еза лорур ю Сан цІе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. Иштта боху Исраилан Везачу Дала, иза Кхоьллинчу Везачу Эло: «Сан берийн хиндолчух лаьцна Соьга хетта муха хІуьтту шу? Сан куьйгаша бан безачу балха тІехь Суна омра дан муха гІерта шу? ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь.
Выбор основного перевода