Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта церан паччахьаш, гІоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тІехь, дохор а, хІаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КІелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам. Оцу гІалин кевнаш дийнахь дІа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела. Халкъийн хьал а, хазна а цу гІали чу яхьар ю.
Выбор основного перевода