Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса, Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а. Цу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гІали чу.
Выбор основного перевода