Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іейпа, Іайпар, Хьанах, АвидаІ, ЭлдаІа цІераш а йолуш, кІентий бара Маданин. И берриге а кІентий ИбрахІимах а, Къитуратах а схьабевлла бара. Маданхоша, Исраилан лаьтта тІе а баьхкина, цигахь шайн четарш дІахІиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цІоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара массо а хІума хІаллакдинера. Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цІе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тІееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Аша дийнаташ дагоран сагІа даккха уьстагІий а ца кхехьна Суна, сагІанаш дахарца Сан ларам а ца бина. Ас шуна кІен сагІа даккхар тІе ца дожийна, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ца кхехьийтина. Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а.
Выбор основного перевода