Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догІахь, уьш, шайн орамашца дІа а баьхна, хІаллакбийр бу Аса», – боху Везачу Эло. Нагахь санна лаьтта тІера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан Ярушалайме ца дагІахь, церан лаьтта тІе догІа догІур дац. Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багІахь, царна а догІа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан ца богІучарна деш доллу таІзар. Иштта таІзар дийр ду адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан богІур боцучу мисархошна а, массо а халкъашна а.
Выбор основного перевода