Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хІума хица хІаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тІедаларца хІаллакдийр дац». ТІаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чІагІдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хІуманца а, тІейогІучу массо а ханна, барт бар. ХІара ду и тоьшалла: стелаІад хІоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. Ас лаьттана тІехула гулйина мархашна юкъахь стелаІад гучудаьлча, Суна дагабогІур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хІуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хІума хи тІедаларца хІаллакйийр яц аьлла. Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаІад гича, дагабогІур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хІуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт». Иштта элира Дала Нохье: «И стелаІад лаьттахь дийна мел йолчу хІуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду». Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгІазвахана хиллехь а, Хьайн оьгІазалла дІаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла.
Выбор основного перевода