Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргІатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дІабуьгур бу Аса. Иштта боху Везачу Эло, хьо КІелхьардоккхучо а, Исраилан халкъан Везачу Дала а: «Со Веза Эла ву, хьан Дела, хьуна пайденна дерг Іамош волу, хьо ваха везачу новкъа дІавуьгуш волу. Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,
Выбор основного перевода