Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цІе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргІатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу. Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.
Выбор основного перевода